ТIекхочийла долу линкаш

Кхин цхьа журналист а вийна исламисташа


Iамеркан Цхьаьанатоьхначу Штатийн шина журналистан кортабаккхар гайтинчу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тIемалойн тобаннна бекхамза дуьсур дац, аьлла, дIахьедина президента Обама Барака. Шемарчу а , Иракъерчу а тIемалошна кеманашца тохарш кхидIа а дийр долуш ду, аьлла Обамас.

Шинарийдийнахь видео яржийна «Исламан пачхьалкхо» шен герзахоша Сотлоф Стивенан корта боккхуш. Иттех де хьалха иштта кхечу журналистан корта боккхуш яьккхина видео а яржийра цара. Эстонехь оцу хьокъехь вистхуьлуш Обама Барака бохура, шен пачхьакхо сацор бац къизалла яржочу гIеранашна дуьхьаллаттар.

XS
SM
MD
LG