ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьра салти вийна Донецкехь


Нохчийчуьрчу Калиновски-юьртахь куп тоьхна йолчу 18-чу эскаран бригадехь гIуллакхдеш а ларалуш, Донецкехь шен воI велла аьлла, дIакхайкхийна Марий Республикерчу Козьмодемьянск гIаларчу салтичун нанас Туманова Еленас. 20 шо долу Туманов Антон тIамехь вер тIечIагIдар дехна нанас Iедале, гIодоьху цо шена оцу тIехь бакъоларъярхошка а. Туманова Елена санна, Iедале шайн-шайн бераш Украине а хьовсийна, цигахь уьш кхелхина хилар талла доьхуш бу Оьрсийчоьхь дуккха а нах.

XS
SM
MD
LG