ТIекхочийла долу линкаш

Магас карийна ...Нохчийчохь


Нохчийн а, оьрсийн а археологаша Соьлжа-хин бердашца Нохчийчоьнан лаьтта тIехь шаьш бинчу талламаша тIечIагIдо, аьлла даржийна, 18-16 бIе шо хьалха Алания-мехкан шахьар Магас лаьттина меттиг билггал йолуш юйла. Цигахь царна карийна гIишлош лаьттина битамаш, аьчка а, кхийра а пхьегIаш. Талламаш шаьш кхин а шорбийр бу, боху археологаша.

XS
SM
MD
LG