ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин машарехьа ву, Лавровс дийцарехь


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс Украина а, цигара оьрсех болу сепаратисташ а кхойкху, президента Путин Владимира хьоьхучу кепехь тIом а а сацийна, машар лахаре. Путина кхаарийдийнахь бина кхайкхам иштта бу: сепаратисташа тIамца хьалхагIертар дуьту, Киево шен эскарш уьш лаьттачуьра юхадоху.

«Оха сатуьйсу, Киевехь, Луганскехь, Донецкехь тхан лаам дIахазаре» - элира Лавровс Москох, ша Европан кхерамзаллехула а, цхьаьнаболхбарехула а йолчу организацин Парламентан ассамблеян куьйгалхочуьнца Канерва Илкица къамел деш. Путина ша сатуьйсу аьлла, Минскехь дIахьочу пIераска тIекхаччалц дахлур долу дийцарш чекхдовлале Украинера кризис ерзаре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG