ТIекхочийла долу линкаш

"Исламан Пачхьалкхана" реза яц Уэльсера саммит


Ингалсенан премьер-министра дIахьедина, НАТО-н лидерша бехкебо «Исламан Пачхьалкх» шайх олу Иракъера а, Шемара а тIемалой, цара шаьш бечу тIамехь акхаройн къизалла гайтарна, церан и экстремизм дIасацон а еза, аьлла. Исламан Пачхьалкхна дуьхьалояр цхьалхадаккха деза Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Инарла Ассамблеяно хIара бутт бузуш ша гуллуш, бохура Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона. Цо а, Кемерона а и къамел дира пIераскандийнахь НАТО-н Уэльсехь йоьдучу саммитехь.

Шиммо а бахарехь, НАТО-но Иракъна гIодийр ду гIаттамхошна дуьхьалояр жигарадаккха. Иракъан а, Шемин а даккхий дакъош дIалецна хьийза «Исламан Пачхьалкх» шайх олу тобанаш. Цара дукха хан йоццуш кортош баьхна Iамеркарчу шина журналистан, изза дан кхерам бу лаьцна латточу Британерчу закъалтхочунна а.

XS
SM
MD
LG