ТIекхочийла долу линкаш

Тапча йохкарна - набахте


Ши шо набахтехь дакха къастийна Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу кхело меттигерчу вахархочунна Цабаев Рустамна, цо низам а талхош, герз эцарна а, долахь латторна а, дохкарна а. Талламчаша юьйцург ю Макаровн тапча, цо иза кхечунна йоьхкина 45 эзар соьмах. Оцу кепехь герз Iорадаьлча туху хан деа шаре кхочу. Иттех де хьалха оццу кхело оццу бахьанийца цхьа шо ах шо набахти кхайкхийра меттигерчу вахархочунна Эльмаханов Джамболтна а.

XS
SM
MD
LG