ТIекхочийла долу линкаш

Кутаев Русланан девнан хьокъехь


Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело ханна тIаьхьатеттина Хьалха-Мартанарчу кхело наркотикаш лелорна хан тоьхначу бакъоларъярхочун, политикан Кутаев Русланан арз таллар. Дов, массо а агIонийн тоьшаллаш кхоччуш чоьте ца эцна, аьлла, хьалхарчу кхеле кхачамбацарш дIадаха хьажийна Лакхарчу кхело. Кутаев Руслан хIуманна а бехке вац, иза Iедало, шена товш йоцу, вайнах махкахбахарх лаьцна конференци ах шо хьалха хIотторна хьийзаво, аьлла хета дуккхаъчу бакъоларъярхошна а, политикашна а, цуьнан адвокаташна а.

XS
SM
MD
LG