ТIекхочийла долу линкаш

Украинан экономика а ю тIамо йохош


Украина -- 3D принтер тIехь дуьненахь уггаре йоккха Украинан байракх йина, Киев, 5Гез2014

Украина -- 3D принтер тIехь дуьненахь уггаре йоккха Украинан байракх йина, Киев, 5Гез2014

Украинерчу тIамехь маьрша нах а, ткъа иштта шина а тIом бечу агIонан векалш а байъарал совнаха, тIамо вуно даккхий зенаш до Украинан экономикана. Вевзаш волчу Украинерчу экономистца Бутко Вячеславца къамел хилира Марошо Радион оцу хьокъехь..

Масех баттахь Украинин малхбалехь дIадоьлхуш долчу тIеман тийсадаларша даккхий зенаш до цу пачхьалкхан экономикна, амма Даймохк ларбан безаро кхоьллина долу и зенаш лан кийча бу могIарера бахархой.

Баханчу марсхьокху баттахь Цхьанакхеттачу къаьмнийн юкъаралло динчу дIахьедарца, Украинин Малхбалерчу тIеман тийсадаларшкахь вийнера 2249 стаг, ялх эзар сов стаг лаза а веш. И терахь, шеко а йоцуш, цул тIаьхьа кхин а лакхадаьлла хир ду.

Эзарнаш адамаш, хIинцачул масех бутт хьалха машарехь вовшашна лулахь Iийна долу, сел луьрачу къизаллийца вовшашна чуччадахаран цхьа могIа бахьанаш ду. Царех уггаре а коьртачех лору тергамхоша, луларчу Оьрсийчоьно Украинин малхбалехь лелош долу питанаш а, беш болу тIеIаткъам а.

Ткъа и кIошта Оьрсийчоьно юхьарлацар а, цигара Оьрсийчоьнехь болу сепаратисташ тIамца Украинех дIакъаста гIертар ларамаза дац – Украинин уггаре а экономикан агIор мехалчех лаьттанаш ду уьш. Масала, Украинин ерриш а аьлча санна кIоран резерваш, - Iаьржачун а, кокс йоккхучун а, - Донецкан, Луганскан кIоштанашкахь ю.

Украинера электронерги эханна кIор багочу йовхонан электростанцешкахь йоккхуш ю. Ткъа цу шина кIоштара кIора Киеван долара балахь, тIаккха цу махкахь электроэнергин къелла хIуттур ю.

Цул совнаха, Украинин экономикан таронийн цхьа доккха дакъа цу пачхьалкхено Iаьржа метталлургиян сурсаташ дозанал арахь духкуш хиларх лаьтташ ю. Ткъа кIора а, цунах йоккхуш йолу кокс а лахлахь, тIаккха, масала, Украинино Европана духкуш долу борз я кхин долу эчиган тайпанаш соцур ду. Ткъа иза дерриге а могIарерчу бахархойн дахарна тIехь хаалур ду.

Делахь а, цкъачунна, тIеман конфликто Украинин экономикна деш долу зенаш мел даккхий делахь а, амма уьш лан ца лучу зил тIе кхаьчна дац, бохуш дийцира Маршо радионе Украинерчу Корпоративийн юкъаметтигийн талламаш баран Центран вице-президент волчу экономиста Бутко Вячеслава.

Бутко: „Украинин экономикан эшамаш хиларан бахьнехь цхьа бахьана ду и яхъелла а, кIаргалуш йолу а Донецкерий, Луганскерий тIеман конфликт. Кхеташ ма-хиллара, машенашъяран дакъа дохор а, инфляци а, мехаш лакхадовлар а – уьш дерриш а тIеман хьашташна зенаш алсам даха дезаш хиларца доьзна ду.

Ткъа и дерриге а могIарерчу бахархошна тIеIаткъам ца беш дуьссийла дац. Амма, суна хетарехь, цкъачунна и тIеIаткъам дукха тIехсов бац, критикаллин зилана тIе кхача хIинца а гена бу. Делахь а, конфликт ях мел ло а, и тIеIаткъам алсам бала там бу“.

ТIом – иза даима а уггаре а хьалхарчу декъехь адамийн бохамаш бу. Иза баъйина нах, байлахь дисина бераш, шайн берашна боьлха дай-наной а бу. Амма цуьнца цхьаьна иза пачхьалкхан Iер-дахаран, цуьнан экономикан кхиамна вуно даккхий зенаш ду.

Мел лазаме бу теша Украинин экономикна а, цуьнан бюджетна а шен Малхбалехь масех баттахь дIабоьлхуш болу тIемаш? ХIун зенаш лов пачхьалкхено и бахьана долуш? Бутко Вячеслава дуьйцу.

Бутко: „Цхьана агIор, дера, шеко а йоцуш, вуно лазаме ма ду и хьал экономикна. ХIунда аьлча, цкъа делахь, ясакх хила езачу кепара схьагулйеш яц.

Масала, Луганскерий, Донецкерий предприятешкара, - царех дукхахйерш я болх беш яц, я цигахь шаьш шайх „халкъан республикаш“ аьлла цIеран техкинчу цхьанакхетараллийн Iедалийн куьйгакIелахь ю. Ткъа вукху агIор, бюджетан цхьа дакъа, социалана хьашташна хьажорна метта, тIеман хьашташна ца хьажийча ца долу.

КхозлагIа фактор – иза Украинин Донбассехь хилла бохамаш, цигара инфраструктура, экономика, социалан сфера, - иза дерриге а юхаметтахIоттон дезар ду, цундела, и бахьана долуш а зенаш хир ду. Амма кхин агIо а ю цу хIуман.

ШозлагIа дуьненан тIом дIабаьллачул тIаьхьа, цхьа могIа пачхьалкхийн шайн экономикан кхиамаш вуно лакхабаха каделира, хIун аьлча, тIом дIабирзинчул тIаьхьа шайн экономика юхаметта ца хIоттийча церан кхин некъ ца хиларна.

Цу кепара, хила там бу, тIом дIабирзинчул тIаьхьа Украинин экономикан меттахIоттор – иза цу экономикан модел кхечу кхиамийн тIегIанна тIеяккхаран катализатор хила мегар“.

ТIеман конфликт генайолуш а хилахь, цуо деш долу зенаш алсамдовлуш а хилахь, бахархой Iедална резабацарш а, социалан къепедацарш а кхолладала йиш юй те Украинехь, аьлла хаьттира Маршо радионо Украинерчу экономикан аналисте Бутко Вячеславе.

Цунна хетарехь, луларчу пачхьалкхара мел дукха питанаш украинхошна юккъехь даржадарах а, бахархойн доккхах долу дакъа кхолладеллачу хьолах кхеташ ду, цу хьоло кхоьллина йолу халонаш лан кийча а ду.

Бутко: „Иза экономикан тIегIанера хаттар дац. Теори схьаэцча-м хIуъу а хила йиш ю. Украинехь лелаш цхьана билгалчу луларчу пачхьалкхера дуккхаъ провокаторш а, шпионаш а, агенташ а хилар тидаме эцча-м муххале а. Амма, вукху агIор аьлча, бахархошна юккъехь патриоталла, соьга хаьттича, вуно лакхарчу тIегIане яьлла.

Цундела, суна хетарехь, бахархойн доккха дакъа шайна хуьлуш йолу халонаш лан кийча ду. ХIунда аьлча, тхо кхеташ ду, хьалхахь хIоьттинарг хала мур буйла – пачхьалкхе дийна юьсур ю я яц боху хаттар ду хIоьттинарг. Цундела дукхахболу нах кхеташ бу, Малхбалерчу Украинера тIеман хьал бахьана долуш шаьшна хьалха хIуьттучу халонех“.

XS
SM
MD
LG