ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалера Iаткъам ловш бу Азербайджанера бакъонашларъярхой


Европан кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу урхаллан куьйгалхочо Муйжниекс Нила критика йина Азербайджанан Iедалшна, махкахь адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хьал вочу даларна. Маршо Радионна интервью луш цо дIахьедар дира, кху тIаьхьарчу масийтта баттахь Азербайджанехь алсамдаьлла адамийн бакъонашларъярхой хьийзор аьлла.

Муйжниекса дийцарехь, царах майсийтта стаг лаьцна Iедалша. Ткъа иза догIуш дац Азербайджано Европан Кхеташонан декъашхо хуьлуш шена тIеэцначу декхаршца. Набахташкахь боцу Азербайджанера юкъараллан жигархой махках бовла безаш хуьлу, Iедалша Iаткъам бар бахьана долуш, бохуш вара Муйжниекс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG