ТIекхочийла долу линкаш

Адамаш бала хьоьгуш ду Шемахь а, Иракъехь а


Чолхе гуманистарийн кризис ловш йолу ши пачхьалкх ю Шема а, Иракъ а аьлла дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула волчу керлачу комиссаро Раад ал-Хьусайн Зеида. Женевехь адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонна хьалха вист хуьлуш цо билгалдаьккхира, цу шина пачхьалкхехь адамашна ницкъ бар а, адамийн бакъонаш йохор а сацор Iалашонца сихха гIулчаш яха еза дуьненанюкъаралло аьлла.

Украинера хьал дуьйцуш, Ал-Хьусейна элира, Украинин Iедалша а, тIеман тобанаша а, ткъа иштта луларчу пачхьалкхаша а, уггаре хьалха Оьрсийчоьно, дерриг а дан деза маьрша бахархой ларбан аьлла. ал-Хьусайн Зеид адамийн бакъонашкахула йолчу урхаллан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дан волавелла кху беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна. Цу даржехь цо хийцина Пиллэй Нави.

XS
SM
MD
LG