ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайца йолу юкъаметтигаш мехала хета Iамеркина


Шайн арахьарчу политикехь уггаре а лараме йолчерах лору Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа Китайца йолу юкъаметтигаш. Цуьнах лаьцна Оршотан дийнахь Пекинехь дIахьедар дина Iамеркин президентан къоман кхерамазаллехула йолчу хьехамчо Райс Сьюзана, Китайн арахьарчу гIуллакхийн министрца Цзечи Янца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Шен агIор Цзечи Яна элира, шайн пачхьалкхаша вовшен ларам а беш лело еза юкъаметтигаш, цакхетамаш дIабохуш вовшашка ла а дугIуш аьлла. Лахьан-бутт болалуш белхан визитаца Китай ваха дагахь ву Iамеркин президент Обама Барак. И визит кечъян яхана ю Пекине Райс Сьюзан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG