ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера экаме машар


Украинин Малхбалехь Счастье олучу гIалана гонаха яккхийн тоьпаш етташ бу сепаратисташ. Цуьнах лаьцна хаам бина Украинин кхерамазаллин кхеташонан векло Лысенко Андрейс. Цо дийцарехь, Украинин эскархой ларбеш бу герзаш деттар дац аьлла бина барт.

Славяносербск олучу эвлан йистехь танканашна а, гIагI диллинчу машенашна а тIехь баьхкинчу сепаратисташа гоне лаьцна Украинин эскархойн блок-пост. Лысенкос бинчу хаамца, тIаьхьарчу дийнахь-бусий вийна а, лазийна а стаг вац.

Донецкан администрацино шен интернетан сайт тIехь бинчу хаамца, цу гIалахь хезаш ду герзаш деттар а, яккхийчу тоьпийн х1оьанаш лелхар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG