ТIекхочийла долу линкаш

Кхечу пачхьалкхийн агент яц Оьрсийчура "Голос" ассоциаци


Москох гIалин кхело декхарелахь йина Оьрсийчоьнан юстицин министралла кхечу пачхьалкхийн агентийн цIейозанна юкъара «Голос» цIе йолу ассоциаци дIаяьккха. Цу организацина Iедало юхадала дезаш ду цхьацца гIуданаш токхуш ша дайина 400 эзар сом. И сацам бина кхело, Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула йолчу векло Памфилова Эллас латкъам бар бахьана долуш.

И сацам беш Москох суьдо бухе диллина Оьрсийчоьнан Конституцин кхелана хетарг. Цу кхело кху шеран Охан-баттахь сацам бинера нагахь махкал арахьара ахча оьцуш яцахь, организацино регистрацин ян ца оьшу ша кхечу пачхьалкхийн агент ю аьлла. «Голос» ассоциацино мониториг йо Оьрсийчохь хуьлучу харжамашна. Ша кхечу пачхьалкхийн агент хилар цо даре ца дарна болх бар дихкинера цунна Iедалша.

XS
SM
MD
LG