ТIекхочийла долу линкаш

Иракъан премьер декъалвина Обамас


Iамеркин президенто Обама Барака телефонехула декъалвина Иракъан премьер-министр ал-Абади Хайдер керла министрийн кабинет кхолларца. Обамас дицаре дира цуьнца Iамерка кийча хилар «Исламан пачхьлкх» тобан тIемалошца къийсам дIахьош иракъахошна гIо дан.

Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду КIайчу ЦIано бинчу хааманна тIехь. Цу тIехь иштта аьлла ду Иракъан премьер кийча хилар, ерриг а Иракъерчу юкъараллашца а, ткъа иштта регионерчу а, дуьненаюкъарчу а партнерашца мостагIчунна дуьхьал лаьтташ цхьаьнакъахьега.

XS
SM
MD
LG