ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малайзин Боинг чудаийтина хилар тIечIагIдина Нидерландашкара талламан комиссино


Украинехь Донецкана гена доцуш Малайзин авиакомпанин Боинг чудаийтар хьокъехь талламан комиссин хьалхара хаам бовзийтина Нидерландийн кхерамазаллин кхеташоно. Эксперташна хетарехь, кема дохийна арахьара герз тохар бахьана долуш. Амма цунна тоьхнарг хIун ракета ю дуьйцуш дац цу хаамехь.

Боинг чудаийтар толлучу комиссина куьйгалла дечу Нидерладийн кхерамазаллан кхеташоно билгалдаьккхина шен сайтана тIехь, хьехош дерш цкъачунна дина жамIаш хилар. Таллам хIинца а дIахьош бу. Кхоччуш цуьнан жамIаш довзуьйтур ду цхьа шо даьлча тIейогIучу аьхка. Цу тIехь дуьйцур ду билггала муха доьхна кема.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG