ТIекхочийла долу линкаш

19-чу бIешарахь дайна хIордан кема карийна Канадерчу талламхошна


Канадера талламхошна карийна 1846-чу шарахь Арктикехь ингалсан хIордахочо сэра Франклин Джона куьйгалдеш хиллачу экспедицехь дакъалоцуш хилла хIордан кема. Цуьнах лаьцна хаам бина Шинарин дийнахь Канадин премьер-министро ХIарпер Стивена. Цо дийцарехь, кема карийна даханчу КIирандийнахь Къилбасера Шенан ХIордан чохь 11 метар хи бухахь.

Франклинан экспедицехь дакъалоцуш хилла ши хIордан кема - «Эребус» а, «Террор» а. Царан тIехь хилла 128 стаг. Цу кеманех карийнарг муьлхарниг ду цкъачунна хууш дац. 1848 чу шарах ши а кема тIепаза дайнера. И кема кароро шайн аьтто бийр бу аьлла хета Канадин Iедалшна Къилбаседа-Малхбузера чекхдолийла олу меттиг шайн суверенитетан къеллахь хилар гайта. Тахханалц и меттиг дуьненаюкъара хиш лоруш ю Iамерко а, кхин йолчу пачхьалкхаша а.

XS
SM
MD
LG