ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибаш байина Пакистанан тIеман кеманаша


ОвхIан пачхьалкхан дозанца тIалибаш дIатарбеллачу пхеа меттиге бомбанаш а, ракеташ а йиттина Пакистанан тIеман кеманаша. Пакистанан тIеман министралло бинчу хаамца, и бахьана долуш вийна 65 тIемало. Тохарш дина Къилбаседа Вазиристан кIоштIахь. Цу меттехь шуьйра тIеман операци дIаяьхьнера Пакистанан эскарша Мангал-баттахь.

Пакистанан тIеман министраллан векалша чIагIдарехь, и операци дIахьош цигахь вийна 900 сов тIемало. Амма дозуш доцучу хьостанаша тIечIагIбина бац и хаам. Кху беттан 6-чу дийнахь, кхо стаг а вуьш, тIелатар динера Карачихь тIеман хIордан базина. Иза шаьш дина аьлла, дIахьедар дина тIалибаша Шинарин дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG