ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхайкхийна йоцучу визитаца Иракъе вахана Керри


Iамеркин пачхьалкхан секретар Керри Джон кхаьчна Кхаарин дийнахь Иракъе цIеххьанчу визитаца. Цуьнах лаьцна хаам бина Iамеркин пачхьалкхан департаментан зорбанан сервисо. Цо дийцарехь, Керрин Iалашо ю Иракъан керлачу Iедалшца цу мехкан территореш дIалаьцначу «Исламан пачхьалкх» тобанна тIехь толам баккха оьшуш йолу гIулчаш йийцаре яр. БагIдадехь Керри цхьаьнакхийтира Иракъан премьер-министрца ал-Абади ХIайдерца.

И цхьаьнакхетар дIадирзича Абадис кхайкхам бира дуьненаюкъаралле, «Исламан пачхьалкх» тобанца къийсам дIахьош гIо дахьара шайна аьлла. Иракъера Саудин Iаьрбийн пачхьалкхе ваха дагахь ву Iамеркин пачхьалкхан секретар Керри Джон. Цигахь иза цхьаьнакхетар ву Иракъан а, Урданан а, Мисаран а, Туркойчоьнан а, ткъа иштта «Фарси айманехь цхьаьнакъахьегаран кхеташонна» юкъайогIучу 6 пачхьалкхан а векалшца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG