ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан дозанца "Пен" беш бу украинахоша


Президенто Порошенко Петрос омра а делла, Оьрсийчоьнан дозанехула дуьхьалонаш ян йолийна Украино. Донбассехь дIахьочу антитерроран операцин пресс-центро бинчу хаамца, украинахой дагахь бу цхьа эзар ах эзар километр йохалла йолу дозанан чIагIонаш ян а, ткъа иштта тIеман техника дIахIотто 8 эзар гергга саьмгар яккха а.

Украинин Iедалша кху беттан 5-чу дийнахь тIечIагIйира «Пен» олуш Пачхьалкхан дозанан сервисо кечйина йолу и проект. Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс бинчу хаамца, цу проектца а догIуш, ши метр лекха аьчган сеткех керт ян дагахь ю Украина Оьрсийчоьнан дозанца. Цу кертана тIехула лоцур бу кохцIалгаш долу сара. Цхьаболчу хаамашца, цунна тIехецна хила мега ток. Украинин Пачхьалкхан дозанан сервисо бинчу хаамца, и проект кхочуш ян оьшур ю 5-7 бутт хан.

XS
SM
MD
LG