ТIекхочийла долу линкаш

Европе газ хьажор лахдина "Газпромо"


Полшин газ йоькъучу станцин векалша хаам бина, Оьрсийчура газан барам кху тIаьхьарчу масех дийнахь 45 процентана лахбелла аьлла. Полшин векалшна хетарехь, иза доьзна ду Украинера кризис бахьана долуш Оьрсийчоьнан а, Евробертан а юкъаметтигаш кхин а чолхечу яларца. Германино а, Словакино а дIахьедар дина Оьрсийчоьно шайна а газ йохкар лахдарх лаьцна.

Оьрсийчоьнан Iедалша шайн Iуналлехь латточу "Газпром" компанино харц дина шаьш Европе газ кхачор лахдина бохург. Украино бехке йина "Газпром", газ лахъяр шайга реверсан кепехь иза Европера ца эцийтар Iалашонца дина аьлла.

Полшо а, кхечу Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхаша а Украинина газ йохка йолийра, "Газпромо" иза мах а къевсина Украинина йохкар сацор бахьана долуш.

XS
SM
MD
LG