ТIекхочийла долу линкаш

Гергарчу Малхбалехь Iамеркин бертахошца дагаволуш ву Керри


Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон Еарин дийнахь Сауди Iаьрбийн пачхьалкхехь Джиддехь цхьаьнакхетта цу махкарчу Iаьрбийн пачхьалкхийн а, Туркойчоьнан а дипломаташца. Керри турне дIахьош ву Гергарчу Малхбалехь, «Исламан пачхьалкх» тобанна дуьхьал Вашингтоно къийсам дIаболош тIеман а, политикан а, финансийн а гIо лохуш.

Джиддехь цо цхьаьнакхетар дIадаьхьна, Iамеркин президенто Обама Барака «Исламан пачхьалкх» тобанна дуьхьал хир йолу Цхьаьнатоьхначу Штатаийн стратеги юьйцуш телевизионехула къамел динчул тIаьхьа. Цу организацино карарчу хенахь Iуналла деш ю Шеман а, Иракъан а яккхийн территореш.

XS
SM
MD
LG