ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьрша баьхна рогIера Украинин эскархой


Сепаратистийн йийсарехь хилла 57 шайн эскархо маьрша ваккхарх лаьцна хаам бина Украинин президенто Порошенко Петрос. Цуьнах лаьцна шен Facebook-чу агIонан тIехь хаам бина Украинин лидеро. Цо дийцарехь царах 21 эскархо дIахецнера сепаратисташа Еарийн дийнахь. Ткъа кхин а 36 салти а, эпсар а маьрша ваьккхина ПIераскан буса.

Сепаратистийн штабана тIе а тевжуш, РИА-Новости агенталло хаам бина 31 Украинин эскархо хийцина 36 оьрсашкахьарчу герзахочух аьлла. И нах хийцина ПIераскана Iуьйранна Констатиновка олучу эвлан уллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG