ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан аьшпаш кечбаран технологи


Оьрсийчоь -- Останкино хьалха НТВ-на дуьхьал хIоттийначу гуламехь, Москох, 18Заз2012
Оьрсийчоь -- Останкино хьалха НТВ-на дуьхьал хIоттийначу гуламехь, Москох, 18Заз2012

Ша кечйина документалан филм гайтира НТВ-телевизионо деношкахь. Дуьйцура Скандинавин мехкашкашкарчу къайлахчу сервисаша Iехийна, Европе дIа а вигина, Оьрсийчоьнна дуьхьал доцурш яздан кечвеш хилла Устраханов Руслан бохуш. Иштта ю филман фабула. Амма гойтург аьттехьа а дац бакъдолчунца догIуш.

....НТВ шен турпалхочух ешаш а яцар го цо филм йолулушшехь вийцаволочу цуьнан цIе харц яккхарца – дикторо "Устраханов" олучу метта "Устрахаев" боху.

Европерчу къайлахчу сервисаша Iехийна, вигина хилла Норвеге, тележурналисто дийцарехь, нохчех ву бохуш вуьйцу Мурманскехь полицин полковникан чине кхаччалц болхбина Устраханов Руслан.

Цигахь, боху телевизионо, цунах журналист а вина, цуьнга Оьрсийчоьнна дуьхьал цхьацца хIуманаш язъяйта гIерташ бара Iамеркан къайлахчу сервисан векалш.

Бахарехь, тIаьххьара а Маршо Радиона болх бийр болуш а хилла цо. Амма Устрахановна ца лиира даймахкана тешнабехк бан – цхьана накъостан гIоьнца машенчохь, горгамашна юкъа а хьаьрчина, ведда, Мурманске юхавеъна иза. Иштта дуьйцу НТВ-но. Дийцар бакъдеш, филмехь дуккха а видеовасташ а хIиттийна.

Устраханов Руслан Норвеге кхачар а, цигара Оьрсийчу юхавар а бакъду. Ткъа кхидIа НТВ-но а, ша Устрахановс а мел дуьйцург аьшпаш бу.

Документалан ю бохучу филмехь, Норвеге а воьссина, цигахь Оьрсийчоьнна дуьхьал болхбеш ву бохуш вуьйцу НТВ-но бакъоларъярхо Гисаев Ахьмад.

Цхьана муьрехь, аьлча а, бакъоларъярхо Эстемирова Наташа еллалц йолчу заманахь Нохчийчохь «Мемориалехь» болхбина ву Гисаев Ахьмад. Оцу муьрехь ницкъахоша лаьцна, тIехь гIело а йина цунна. Ша Iедало хьийзор цунна декха ларавелла стаг а ву иза – Европан кхелехула шена тIехь йинарг харцо хилар тIе а доккхуш, Оьрсийчоьне шена гIуда охьадиллийтира Гисаев Ахьмада кхо-диъ шо хьалха.

Маршо Радион цуьнца хиллачу къамелехь къаьсташ бу НТВ-телевизионо буьтту аьшпаш.

Къаьсттина гома бу оьрсийн тележурналисташ бакъдолчуьнца, иза Европехь шайн мухIажиралла дIакхоьхьучу нохчех хьакхалуш хилча.

Норвегехь кхо шо хьалха меттигерчу вахархочо Брейвик Андерса ша цхьамма тIом беш, 77 бер а дуьйш, 150 лазийнначу сохьтехь Осло юккъе дIа а хIоьттина, Оьрсийчуьрчу Хьалхарчу каналерчу журналисташа репортаж йира, хIинцца дина, деш лаьттачу зуламийн дай нохчий хила тарло бохуш. Ткъа гучуделира хилларг, евзира дуьненна а Брайвикан цIе. Амма оьрсийн тележурналисташа дош а ца элира шайн каналехь я шаьш харц хилла а, я нохчашна тIе IиндагI шаьш эрна дожийнера аьлла а.

Стохка аьхка баьхкинера Норвеге нохчийн дахар талла Оьрсийчуьрчу РТР каналера тележурналисташ. Корреспондента Емельянова Асяс шен репортажехь дийцира, Европехь балахьоьгу нохчаша, нохчех балахьоьгу Европано, аьлла. Репортаж гайтича бехха оьгIазбахана Iийра Емельяновас Iехийна, къамелашка а баьхна, шайн дешнаш дехь-дехьа а дохуш, вовшахтасарна реза боцу нах. Иштта кечйира РТР-о доцчух репортаж.

ХIетахь оцу репортажна Норвегера нохчий резабоцийла а хаийтира зорбанехь бакъоларъярхочо Гисаев Ахьмада. Иштта дагалоьцу цо Емельянова Асин болх.

Дуккха а кавказхой бу кху муьрехь Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша лагIдина шаьш аьшнашдар, аьлла хеташ. Дика ду иза иштта делахь. Амма, гуш ма-хиллара, Украинана церг хьекхочу Кремлна пайде дац тахана, ша гезбохуш украинахой а болуш, церан махка тIемаш бан къайлах-къулах кавказхой а лоьхкуш, Кавказан къаьмнашна лер.

Ткъа Украинера тIом дIабаьлча?..

XS
SM
MD
LG