ТIекхочийла долу линкаш

Кестта хIо а мехах хир ду...


Оьрсийчоь –Москох, коррупцина духьало еш пикете яларна, лаьцна полицин чоьнаш чу ша къевлича, оьрсийн жигархочо гойту «Путин, коррупцино дIаэцийла хьо!» тIеяздина лозунг, 05Сти2012

Оьрсийчоь –Москох, коррупцина духьало еш пикете яларна, лаьцна полицин чоьнаш чу ша къевлича, оьрсийн жигархочо гойту «Путин, коррупцино дIаэцийла хьо!» тIеяздина лозунг, 05Сти2012

Массанхьа йоллу коррупци ю Нохчийчохь а. Балха хIуттуш, бер кегийнчийн беша дIалуш, иза школах дика дешнарг дина чекхдоккхуш, институте дIалуш, доьшуьйтуш, стаг дарбан цийне вуьллуш.... ахча, ахча, ахча, ца делча ца долу ахча!

Дуккха а шераш девлла Оьрсийчоьнан президенташа шайна пачхьалкхехь коррупци юйла а хаьа, иза шаьш хIаллак а йийр ю аьлла, халкъана дош делла.

Къасттина бехира иза Медведевс ша цхьана ханна президентан дарже хиича.

Дуккха а низамаш а арахецна кхаьънаш оьцурш, халкъе хаттаза, цуьнан кисина боьлхучийн куьйгаш дацдо бохуш.

Амма Оьрсийчохь къола динчун куьйгаш дохуш хилча, дуккха а дукха шаьш тоьлла хета кура нах хир бара кхидIа я ахча дагардан а, я кхаъ схьаэца а йиш йоьхна.

Оьрсийчуьрчу низамхоша, статисташа, тергамчаша тоьшаллаш а деш, ткъа шо, итт шо хьалха а санна, барамашкахь лакхадаьллеххьий бен, лах ца делла дечу къоланийн терахьаш а, барамаш а. Даима а санна, ког баькк-баьккхинчохь ву вахархо кхаъ бала декхаре а.

Соьлжа-ГIаларчу банкан белхахочо Берсанукаева ПетIамата дийцира Маршо Радиога, коррупци ю Нохчийчохь, амма шена адамийн шайн бехк хета, шайгара ца догIу соьмаш Iедалан гIенташкахь Iечу нахана кхийдорна, аьлла.

Берсанукаева:

Муха эшор ю и цамгар? Я баккъал а доьзна ду-те и адамашна, Iедалан низаме диллича, шайн бакъонаш а, декхарш а кIеззиг хаарца? Коррупци яьржина массанхьа а: берийн бошмашкахь, школехь, больницашкахь, кIоштийн, яртийн урхаллашкахь, хьукматашкахь.

Ур-атталла, нехаш йохуш, урамашкахь къахьоьгучарна а хаьа шайн бакъонаш, девза низамаш, хаьа юкъарчу дахарехь хIун лелон мега, ца мега. Амма нах и дерриг а ца хуурш а хилла беха, шайн, «йогIург» дIа ца елча, хIумма а нислур доцийла а хууш, боху Шелахь ехачу боккхачу доьзалан нанас Батаева Заргана.

Батаева:

Дуккха а зама ю Оьрсийчохь пачхьалкхан Думано коррупцина дуьхьалоеш тайп-тайпана низамаш доху, амма, тодлла хьелаш дац тахна а.

Кхуьуш ю коррупци, де дийне мел дели алссам зIидигаш а тосуш. Цуьнан орам, Маршо Радиоца къамел динчу Атабаев Мохьмдана хетарехь, хIаллакбан ницкъ а тоьар бац.

Атабаев:

Нохчийчохь лелаш цхьа забар ю.

Европе дIавахана веха цхьа кIант хилла, боху, цIаван сахьаьвзина, шен дега телефон етташ. Дас элира боху: варийлахь, варийлахь, сан кIант! Хьо вала а волуш, цIа ма волалахь! Вайн цIахь нах бууш адам даьржина. Могашверг – налогаша вууш, цомгашниг - льраша, велларг - молланаша!

Ткъа муха иэшор ю коррупци, пачхьалкхо арахоьцу конверташ а ахчанан барамехь деш хилча?!

Шайн гIаддарна, иштта шайн бегаш а беш, дIабеха нохчий коррупцин лоллехь, ерриг а Оьрсийчоьне эшалуш доцу и зулам эшон шайн ницкъ муххале а кхочурбоцийла а хууш.

XS
SM
MD
LG