ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкх" тобанна дуьхьал коалици вовшахтухуш ву Керии


«Исламан пачхьалкх» тобанца кIийсам латто коалици вовшахтохар Iалашонца дагадовларш дIадаьхьна КIахIирехь Iамеркин пачхьалкхан секретаро Керри Джона. Хьалхо Гергарчу Малхбалехь турне дIахьош иза хилира Иракъехь а, Урданехь а, Сауди Iаьрбийн пачхьалкхехь а, Туркойчохь а.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака кху кIиранах дIахьедар дира, цкъа дуьххьар гIел а йина, тIаккха кхоччуш эшо дагахь ду шаьш Иракъан а, Шеман а территореш дIалаьцна йолу тIеман тобанаш аьлла. Iамерки Цхьаьнатоьхна Штаташ тIеман гIо деш ю Иракъан Iедалшна, тIемалойн позицешна кеманашца тохарш а деш.

Дукха хан йоцуш «Исламан пачхьалкх» тобан тIемалоша, коьртеш а дохуш, вийра Iамеркера ши журналист, шайна бомбанаш а, ракеташ а тохарна бекхам бо шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG