ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Низамаш а дохош, гуманитарийн ковра хьажийна Оьрсийчоьно Луганске


Низамаш а дохош, Шоьтан буса Украинин территори тIе гуманитарийн ковра яхийтина Оьрсийчоьно аьлла, дIахьедар дина Украинин къоман кхерамазаллин а, тIеман а кхеташонан векло Лысенко Андрейс. Цо дийцарехь, гуманитарийн гIо дIакхачийна дуьненаюкъахь лелош йолу кеп а йихийна, дакъалоцуш Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖIаран векалш а боцуш.

Лысенкос дийцарехь, Оьрсийчоьнан киралелон машенаша Украинин доза хадийна «Донецк-Изварино» олучу меттехь. Хаамийн агенталлаш дийцарехь, Украинин дозанхой а, таможнин белхахой а тIе ца битина цу «гуманитарийн коврана». Интерфаксо бинчу хаамца, Луганске гуманитарийн гIо эцна яхана 200 машен юхайоьрзуш ю Оьрсийчу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG