ТIекхочийла долу линкаш

Яценюк: Путинан Iалашо ерриг а Украина ю


Путин Владимир ерриг а Украина дIалаца дагахь ву, иза Советан Пачхьалкх юхахIотто лууш ву аьлла, дIахьедар дина Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс.

Яценюк: «Суна президентан Путинан Iалашо кхеташ ю. Цуьнан Iалашо Донецк а, Луганск а хилла ца Iа, цуьнан Iалашо ерриг а Украина ю. Иза дIате лууш вац, Украина йоккхачу Европин юкъараллан дакъа хилла даьлла хиларх кхета а кхетта. Иза Советан Пачхьалкх юхахIотто лууш ву».

Киевехь Украинин а, Малхбузера пачхьалкхийн а парламентийн декъашхоша дакъа а лоцуш хиллачу конференцехь цо элира, Украинехь дийриг бахьана долуш Москохна кхайкхийна санкцеш кхераме ю Оьрсийчоьнан экономикана аьлла.

XS
SM
MD
LG