ТIекхочийла долу линкаш

НАТО-н Iамораш ду Украинехь доьлхуш


Оршотдийнахь Украинан малхбузерчу декъехь дIадуьйладелла тIеман Iамораш. Мехкан ницкъашца цхьана гIуллакхдан Iемаш ву 15 махкара веъна 1300 эскархо. Пентагоно хаам барехь, 200 Iамеркан салти, эпсар а ву цаьрца. Дуьххьара бу Iамеркан Штатийн эскархой Украинан эскаршца цхьана Iаморашкахь.

Итт денна лерина бу барам. Iаморашкахь герзаш кхийса Iалашо яц, эскарш вовшашца цхьана гIуллакхдан Iемаш бу, дакъалоцу Iамерко, Украинано, Канадано, Испанино, Латвино, кхечу мехкаша, билгалдаьккхира Iамеркан Штатийн теIман министралло.

КIирандийнахь Украинан тIеман министра ХIелетей Валерийс хаам бира, Атлантикан альянсерчу мехкаша кестта герзаца гIодан долор ду шайна Оьрсийчоьнехьа болу сепаратисташ а, президент Путин а совцош, аьлла. Амма ца хаийтира цо, муьлха пачхьалкхаш ю, хIун тайпа герзаш ду дуьйцурш.

XS
SM
MD
LG