ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчу деша воьдуш ву 56 нохчо


Нохчийчуьра дуьххьара 8 жима стаг хьажийна оршотдийнахь Туркойчу мехаза деша. Верриг а махкара цига воьдуш ву 56 жимха. Шайн махка деша дIаэца кегийрхой къастийра кху аьхка Соьлж-ГIала баьхкинчу Туркочоьнан дешаран министраллерчу говзанчаша шаьш. И бакъо кхаьчна конкурсехь тоьллачарна, иштта хаам бо Нохчийчоьнан дешаран министралло. Дешна бевлча хир бу царех инженераш, технологаш, махкана оьшу кхиболу говзанчаш.

XS
SM
MD
LG