ТIекхочийла долу линкаш

"Халифат" йохон дагахь бу дуьненаюкъара ницкъаш


Iаьрба Эмираташ-- Абу-Даберчу францойн тIеман кеманийн базехь, 15Гез2014

Iаьрба Эмираташ-- Абу-Даберчу францойн тIеман кеманийн базехь, 15Гез2014

30 герга пачхьалкхенан векалш гулбеллера оршотдийнахь Парижехь Иракъерчу хьолана леринчу Дуьненаюкъарчу конференце. Церан барт хилла, Иракъан Iедална тIеман гIо кхачо, цу пачхьалкхан лаьтта тIехь „Халифат“ кхоьллина шаьш аьлла арабевллачу радикалан исламхойн тобанна дуьхьалоян.

Шемарчу Башар Асадан режимана дуьхьал тIамца арабевллачу гIаттамхошна гIо дарна тIехь Малхбузенан пачхьалкхенийн барт ца хуьлуш, дукха хан зама елира. Оьрсийрчоь а, Китай а цу гIоьнна дуьхьал хиларна делахь а, я Асад вожар цхьаццаболчу ницкъашна хиллане а санехь ца хиларна делахь а, цу гIаттамхошна герзаца а, тIеман ницкъашца а орца кхачорна тIехь цхьана юкъарчу ойлане ца кхачаелира Европа а, Цхьаьнатоьхна Штаташ а.

Цхьаццадолчунна Малхбузенан и гIорасизалла а хиллачух тера дара цкъа хьалха Шемахь, тIаккха цунна уллорчу Иракъехь де дийне мел долу радикалан хьежамаш болчеран ницкъ алсам балар а, цара жим-жима хьошуш юхьенца дуьйна схьа шайн мохк Асадана олаллех маьрша баккха арабевлларш шайна кIела хьашар а.

Цу боламах эххар а шех цкъа хьалха ИЗИС, тIаккха ИГИЛ, тIаккха цул а сов Исламан Пачхьалкъе, я халифат аьлла цIе а тиллина, ткъа шайн куьйгалхо БагIдади Абубакар доллучу дуьнентIерачу бусулбачийн халиф а кхайкхина, цхьаьна тобано дуккъаъ лаьттанаш Иракъехь дIалацар хилар.

Ши-кхо бутт балале вуно боккха тIеман ницкъ а, шаьш дIалаьцначу меттигийн инфраструктура а, -уггаре а хьалха мехкадаьтта дохкар а долуш, - шайна карадерзор бахьана долуш инзаре яккхий финансийн таронаш а гайтинчу цу ша шех Халифат я Довла олучу тобанна дуьхьал ницкъ гулош ю хIинца Малхбузе, Цхьаьнатоьхна Штаташ хьалха а йолуш.

Цу Iалашонца оршот дийнахь Францин коьртачу шахьарехь вовшашкхеттера 30 пачхьалкхенан векалш. Гулбеллачеран могIаршлахь яра Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Оьрсийчоь а, Иракъ а, массо а аьлча санна Евроберта юккъе йогIу пачхьалкхаш а, ткъа иштта иттех Iарбойн пачхьалкхаш а. Иракъехь хилла ца Iаш, Довла Шемахь а жигара елахь а, амма Шемин векалш бацара цу цхьаьнакхетарех, я официала Iедалера берш а, я гIаттамхойн агIор а. Бацара цигахь иштта ГIажарийчоьнан векалш а.

Ала дашна, гIажархоша, Башар Асадехьа гIодоккхуш болчу, и цхьаьнакхетар Шемин векалш а боцуш дIадахаьр емал дира. Ткъа Парижехь ИЗИСна дуьхьал кхоьллинчу коалицехь шаьш дакъалоцур дац аьлла дIахьедар а дира цара. Цхьа могIа хаамийн агенталлаш дчIагIадарехь, гIажарийчоьнан лакхарчу динан куьйгалхочуо аятолла Хаменеи Iелас дIахьедар дина, шен пачхьалкхено Iамеркахошца цу балха тIехь цхьаьнаболхбийр бац, церан куьйгаш цIийлахь долу дена“, аьлла.

Коференци дIайолош Францин президента Олланд Франсуас билгалдаьккхира, Малхбузено а, дуьненан юкъаралло а кхин хан яйъа йиш ца хилар. Исламан пачхьалкхе – иза доллучу дуьненна а болу глобала кхерам бу, цунна бухьал луш долу жоп а хила деза глобала“, - элира цуо, „иракъхойн террорхошна дуьхьал къийсам иза вайн къийсам а бу“ аьлла тIе а тухуш.

И конференци дIайолаялле Иракъан президенто Маасум Фуада кхайкхам бинера Малхбузене, шен пачхьалкхана ИС цIе йолчу тобанна дуьхьал тIом беш гIодахьара аьлла. Цуо доьхуш долу гIо, уггаре а хьалха, тIеман кеманашца а, стиглара цу тобанна тIе бомбеш еттарца а ду.

Францехь хиллачу цхьаьнакхетаран жамIех аьлча, цигахь гулбеллачеран барт хилла, Иракъан куьйгаллина оьшуш долу тIеман гIо сихонца кхачон.

Цхьаьнакхетаран жамIаца тIеэцначу дIахьедарехь и гIо билгал мича кепехь хир ду бохург билгалдаьккхина дац, амма схьахетарехь, кху деношкахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар волчу Керри Джона шен Iарбойн пачхьалкхийн куьйгалхошца хиллачу цхьаьнакхетаршкахь юх-юха а дийцаре дина хилларг – ИЗИС тобанан а, амма цул совнаха кхечу Шемахь тIемаш бечу бусулба пачхьалкхене сатуьйсуш йолчу тобанашна а тIе стиглара бомбеш еттар а хила там бу цу гIоьнна юккъехь.

Иракъна а, шайн автонома пачхьалкхе хIоттон Iалашонца къуьйсуш болчу курдашна а герз латторах болу барт жимма хьалхехьуо цхьа могIа Малхбузерачу пачхьалкхийн ишттаъ хилла бара.

Цу юкъана Францин тIеман министр волчу Дриан Жан-Ивс дIакхайкхина, шен пачхьалкхан тIеман авиацино хIинцале а Иракъан стиглахь талламаш дIаболийна аьлла.

Шех ИС олучу радикалан исламхойн тобанах лаьцна аьлча, массо а баккхийчу бусулба Iелимнаха емал еш ю и тоба, церан къиза леламаш а. ХIинцачул масех кIира хьалха Мисрерчу Iеламнаха кхайкхам бинера дуьнентIера массо а хаамийн гIирсашка, цу тобанах Бусулба Пачхьалкхе ма алахьара аьлла. Цара билгалдаьккхинера, шайх ИС аьлла цIе тиллина лелаш болу нах бусулба динан мостагIий бу аьлла.

Бусулба нехан уггаре а сийдолу лакхара дешаран тушпхьа ларалуш йолчу Мисрерчу аль-Азхар университетан куьйгалхойх цхьаъ волчу шейх Шуман Iаббаса ИЗИС тобанах лаьцна уьш террорхой бу, аьллера. „Цхьаьна пачхьалкхана оккупаци я еш, цуьнан ах бахархой байъар – иза бусулба дина дац, иза терроризм ю“, аьлла.

Иштта Шемарчу Iелимнаха а емал йина и тоба. ШарIанна тIе а тевжаш цуьнан хьокъехь цигарчу дешначу наха динчу хьукмехь яздина ду, „ИЗИС тобанан зуламаша хIаллакдеш ду вайн латта. Цара кхинболу бусулбанаш къобал ца бо. Цара бусулбанаш бойъу, цаьргара ахчанаш дIадоху. ХIора дийнахь я вадаво цара бусулба стаг я воь, цуьнан бахам шайн долабаккхархьама“, аьлла.

XS
SM
MD
LG