ТIекхочийла долу линкаш

Кабулехь 3 эскархо вийна


Лаххара а Атлантикан альянсера 3 эскархо вийна, 13 маьрша вахархо лазийна шинарийдийнахь Кабулехь бомбанах юьйлина некъаца эккхийтинчу машено. Аэропортана гена доццуш, Iаьмеркан векалтна гергахь дина эккхийтар. Шен кхо эскархо кхалхар бакъдо НАТО-н ОвхIанистанерчу куьйгалло. ТIедаьхкина эскарш дIадоьлху мур тIехIуттуш дина зулам.

Президентан гIант къовсамехь хиларо гIоьртина латтадо махкара хьал. Дарж дуьтуш волчу Карзай Хьамида оршотдийнахь дIахьедира, де даьлча, президентан мукъ шина декъе боькъуш, бартбан лерина бу кандидаташ ГIани Ашраф а, Iабдулла Iабдулла а, аьлла. Амма хууш дац цкъачунна муьлхачу кепехь боьрзу цушиннан къовсам.

XS
SM
MD
LG