ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Исламан Пачхьалкхна» тIе ракеташ етта йолийна


Iамеркан Цхьаьанатоьхначу Штатийн векалша хаам барехь, церан кеманаша тохарш дина «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу Иракъерчу гIаттамхойн тобанашна кIирандийнахь а, оршотдийнахь а. Ракеташ тоьхна меттиг ю БагIдадна гена йоццуш, Синджар гIалина гергахь. Президента Обама Барака еллачу шуьйрачу бакъонех пайда а оьцуш, алссам ницкъ бер бу гIаттамхошна дуьхьал.

Иракъан Юкъарчу куьйгалло дIахьедина, тохаршкахь хIаллакйина гIаттамхойн 6 машен а, Iедалан ницкъашца леташ хилла цхьа тоба а, аьлла.

Хаам баьржина Парижехь 30 пачхьалкхо БагIдадна тIеман гIо кхачон сацам барца. Iамеркан къайлахчу сервисо далочу терахьашца, 31,5 эзар герзахо ву Иракъан а, Шемин а дакъош дIалецначу тобанашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG