ТIекхочийла долу линкаш

Муниципалан харжамаш хилла Нохчийчохь


Нохчийчохь бирзина муниципалан харжамаш. Яртийн администрацешка 230-ттех депутатан меттиг къовсуш вара 400 гергга стаг, шайлахь 40 сов зуда а йолуш. Харжамийн центро хаам барехь, хIора итт харжамхочух 8 вахана кхажтаса. 230-ннах 205 мандат кхаьчна Iедална герга йолчу «Цхьааллин Оьрсийчоь» партина. Бухабисина меттигаш дIаэцна «Нийсонан Оьрсийчоьно». Кхийолу партеш я оппозици юьйцийла а дац Нохчийчохь бирзина харжамаш хьахош.

XS
SM
MD
LG