ТIекхочийла долу линкаш

Ах-миллион лачкъорна


Теркйистерчу «Минеральный» цIе йолчу пачхьалкхан бахаман куьйгалхо Яшуркаев Султан кхеле озийна талламчаша, шена тешийначу хьукматехь харц кехаташ а хIиттош, стохка ах-миллион гергга соьманна къола дарна. Лаьттаца лелийна цо шен буозбунчалла, билгалдоккху Нохчийчоьнан Талламан комитето. Кхело талламхой бакъбахь, 6 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхайкхор ю Яшуркаевна.

XS
SM
MD
LG