ТIекхочийла долу линкаш

ХьаьжцIа боьлхурш а, баха таро йоцурш а...


Нохчийчоь -- Хьаьжой цIабогIуш, Соьлж-ГIала, 24ГIа2013

Нохчийчоь -- Хьаьжой цIабогIуш, Соьлж-ГIала, 24ГIа2013

Бусулба нехан пхоьалгIа фарз ХьажцIа бахар кхочуш ден мур болабелла. Оьрсийчоьнан бусулба регионашкара новкъадуьйлуш ду кеманаша СаIуда Iаьрбийн махка. Дуьххьара кема гIаьттина Джидде даха Соьлж-ГIалара а.

Дала тIедиллина пхиъ фарз ду: шахIадат далор, ламаз дар, закат далар, мархийн бутт кхабар, хьан ваха таро елахь, ХьаьжцIа вахар. ХIора шарахь лаххара а кхо эзар стаг воьду Нохчийчуьра Макка а, Мединате а шайна тIехь долу фарз кхочушдан.

Амма кхушара Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, Iедалан а пресс-гIоьнчаша бинчу хаамца, мелла а лахбина СаIуда Iаьрбийн Хьаьждаран гIуллаккхашкахула йолчу хьукмато пачхьалкхашна луш йолчу квотин барам.

Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллехь бутт хьалха дуьйна дIадолийра хьажцIа боьлхучаьрца лекцеш ешар, Iеламнаха царна дийцира хаа дезаш дерг дерриге а. ХьаьжцIа больхучийн хеттаршна жоьпаш а луш, Нохчийн Республикан куьйгалхочо шен леринчу тидамехь латтош ду ХьаьжцIа боьлхучийн гIуллакх.

Ишта динан урхаллинна тIедиллина ду Маккахь а, Мединатехь а бегIийла хьелаш кхоллар, церан хьашташка сема хьажар а. ХьаьжцIа вахар цIенна, деккъа Делан дуьхьа хила деза, шеца моттаргIанаш а йоцуш, боху дешначу наха. Цундела хьаждан луучу бусалба нахе весеташ до Iеламнаха, хьаж муха дина шайна Iаммалц, ХьаьжцIа баха новкъа ма довла бохуш.

ХьаьжцIа вахар, и фарз кхочушдеш юкъадоккху ахча хьанал, ша къахьегна даьккхина хила дезар, хаийтира Маршо Радиоца кхамел хиллачу Жимчу-АтагIара мутIеламо Рашидов Анзора а.

Соьлж-ГIалин аэропортехь хIоттийначу ражца а догIуш, кху шина кIиранах ХьажцIа нах буьгуш дейттазза гIоттур ду хIаваан кема. Хьалхара кема дIадахана шинарийн буса. Кху шарахь Нохчийчоьнан 2600 вахархочунна елла бакъо ХьажцIа ваха. Бакъонан мах бу 180-200 эзар соьме кхочуш. Мехкан муфтиято билгалдаьккхира, дукхахболу Хьаьжца боьлху нах дуьххьара новкъабовлуш хилар а. СаIудийн Iаьрбийн Хьаьждаран гIуллаккхашкахула йолчу урхаллан тергонца, алссам тидам тIебохуьйту кху шарахь къаьсттина цигахь цкъа а хилла воцчуьнга фарз кхочушдайтарна.

Дукха эзарнаш нах бара Соьлжа-ГIалийн аэропортехь шайн бевза- безарш Хьаьждан новкъа баха гулбелла. Цхьа шатайпа самукъне бара уьш, шайн лааме кхачарга терра. Сатийсамца догура бухабуьсучийн бIаьргаш, хетарехь лаьара царна тешна хила, тIедогIучу шарахь Везчу Дала пурба а делла, Iедало рагI шайга кхочуьйтур хирг хиларх, Дала тIедиллина фарз кхочушдан.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG