ТIекхочийла долу линкаш

Путинан гоно "бууш бу" хийра олигархаш


Оьрсийчохь олигарх Iийначу Ходорковский Михаила мехкдаьттан «Роснефть» компанин куьйгалхо Сечин Игор бехкево пачхьалкхехь уггаре алсам хьалдолчийн могIархо Евтушенко Владимир лаьцна, шен цIера аравала дихкина кхабарна. «Ведомости» газетна Ходорковскийс дийцира, президентан Путинан гонера волчу Сечина Евтушенко лацийтина, цо куьйгалладен «Башнефть» компани «Роснефтан» долаяккхархьама, аьлла. Ходорковскийс боху, изза Сечин Игор вара, ша набахте а кхачавайтина, шегара «ЮКОС» компани дIаяьккхинарг.

Путин Владимира стохка набахтера арахецийтира цу чохь 10 шо сов хан текхна Ходорковский Михаил. ХIинца иза веха Швейцарехь. Цунна хетарехь, Путинна шен мера кIеллахь шен гоно лелаен харцонаш а ца го.

XS
SM
MD
LG