ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулбанаш лецна Косовохь


Косовохь бусулбанийн гулам дIаса а лохкуш, лаьцна 15 Iеламча. Уьш Иракъехь тIемаш бечу «Исламан Пачхьалкх» олучу тобане , ал-Къаиде, ал-Нусра боламе нах кхойкхуш бара, чIагIдо Iедало. Маршо Радиоца къамел динчу ницкъаллин урхаллан векалша йовзийтина кхаарийдийнахь лецначийн цIерш. Царалахь бу Приштинерчу а, Митровицерчу а, Пече а, кхечу а гIаланашкара имамаш.

Косовохь политикан партин хьесапе баьллачу «Юнифи» цIе йолчу исламан боламан лидер Рамикъи Фуад а ву царалахь. Конституцин раж а, кхерамзалла а талхорна бехкебо лецнарш. Кегийрхой Шема а, Иракъе а тIемашка ца эхийтарна иштта дуьхьало йо шаьш, даржийна Iедало. Бахначу баттахь оццу бахьанийца лецира Косовохь 40 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG