ТIекхочийла долу линкаш

Шотланди маршонца къасталуш ю


Шотланди ю референдум дIахьош. Юьсу иза я дIакъаьста Ингалсенах боху хаттар ду кхожехь. Официалехь а доцуш, хетарг хаьттинера шотландхошка бутт хьалха. ДIакъаста лаьа элира хIетахь 52 процент бахархоша.

Нагахь санна наха «хIаъ» аьлла меттиг нислахь, 2018-чу шеран Зазадоккху-беттан 24-чу дийнахь дуьйна йозуш йоцу пачхьалкх хир ю Шотланди. Иштта берза мега Ингалсенах дIакхеташ цо 307 шо хьалха бина барт.

Цул совнаха, шайн-шайн пачхьалкхех дIакъаста лаам болчу мехкашна масал а хир ду цунах. Ткъа шотландхоша шайна Ингалсехь биса лаьа алахь, йолучул а алсам йоккхур ю Ингалсено цуьнан автономи. ЖамI девзар ду пIераскандийнан делккъехь.

XS
SM
MD
LG