ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Генадаьлла ОвхIанистанан президеталлаца дерг


Iамеркан Штатийн векал Каннингем Джеймс декъахь а волуш, кхаарийдийнахь вовшашца дийцарш дIадаьхьира ОвхIанистанан президентан дарж, харжамаш бирзича а вовшашца къуьйсучу шина кандидата, Iабдулла Iабдуллас, а Ашраф ГIанис а. Зорбано бахарехь, герга хилла и шиъ барт карочу зилна.

Амма хIинца юха а билгалдаьлла барт карош боцийла. Iабдуллин пресс-секретара Рахьими Муджиба хаамбо, шайн кандидатна Ашрафехьа болчу кхаьжнех алссам кхаьжнаш харц ларийта лаьа таллам бечу комиссине, бохуш. Ткъа ша президенталла къовсуш тоьлла аьлла хеташ волу Ашраф ГIани реза ца хилла шен кхаьжнаш лахбайта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG