ТIекхочийла долу линкаш

Ингалсенехь юьсу Шотланди


Шотландин бахархой шайн лаамашца гарабохуш, дуьнено а тергоне оьцуш, цигахь хIоьттина хилла референдум чекхъялла. Ингалсенехь и мохк буьсуш ду жамI. И лаам гайтина пIераскандийнахь кхаьжнашца 55 процент бахархоша. «Шотландхойн доккхачу декъо бовзийтина шаьш йозуш йоцчу пачхьалкхе ца боьрзийла. Ас кхетадо, иза къоман вердикт ю», - элира Эдинбургехь Шотландин къоман партин лидеро Салмонд Алекса.

307 шарахь а санна, Ингалсенан декъахь юьсу Шотланди, ткъа Ингалсено цунна ша кхин а тIелуш ю боху бакъонаш а яла еза сихха, бохура Салмонда.

XS
SM
MD
LG