ТIекхочийла долу линкаш

ГIирма йоккхуш ю гIезалошкара


Вевзаш волу ГIирмера гIезалойн Iилманча Бекир Надир тутмIаьжигаш яххьех йоьхкинчу наха Симферополехь сацийна, шен машенчуьра охьа а ваьккхина, цуьнгара Украинан паспорт дIа а доккхуш, хьийзийна еарийн буса, иза Нью-Йорке конференце ваха кечлучу юкъанна. Оццу дийнахь гIезалошкара церан мажлис (халкъан парламент) чохь йолу гIишло а дIаяьккхина Оьрсийчоьнан Iедалан векалша.

ПIераскандийнахь Симферополерчу Iедало дIакъевлина гIалара гIезалойн коьрта библиотека а. Ша сацийна ницкъахой, шена деношкахь Нью-Йоркехь хуьлучу дуьненаюкъарчу кегий къаьмнийн конференце ваха новкъарло еш хиларал совнаха, ша а, ша саннарш а Оьрсийчоьнна муьтIахьбеш, къарбан гIерта, аьлла хета шена бохура Бекир Надира Маршо Радионе.

XS
SM
MD
LG