ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркахь ву Порошенко Петро


Шьаш долчохь хьошалгIахь волчу Украинан президентца Порошенко Петроца цхьаьнакхийтира пIераскандийнахь КIайчу ЦIийнехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак. Къамелехь цо хьахийра «оьрсийчоьнан агресси», «юьхьанца Оьрсийчоьно ГIирма дIаяккхар», «тIаьххьарчу хенахь Украинан малхбалехь цо лоттуьйту тIом а». Порошенкона президенталла кхаьчна Украина уггаре а халачу муьрехь йолуш, элира Обамас. Iамерко кхидIа а гIодийр ду Украинера кризис дипломатин гIирсашца ерзорехь, бохура цо. Порошенкос баркалла элира Обамина, цуьнан пачхьалкхо Украинана накъосталла латторна. Украинехь Оьрсийчоьно энергетикан якъо хIоттийна хиларх, тIедогIучу Iаьнах Украина газан кхачойолуш чекхъялийтар дицаре а дира шина президента.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG