ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан эскаре кхойкхур бу нохчий


Еарийдийнахь Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс сацамбина пачхьалкхан эскаршка 500 нохчо гIуллакхдан кхайкха. Мехкан администратора Кадыров Рамзана шен интернетерчу Инстаграмехь боху, иза шена боккха толам хета, оцу бахьанийца цо лаккхара мах хадабо Шойгун а. Нохчий а санна, эскаршка ца кхойкхучех бу Къилбаседа Кавказан къаьмнех болу кхин кегийрхой а. ТIейогIучу бIаьста царех а буьгур бу эскаре кегийнах, хIора къомах 100 тIера 1 эзарне кхаччалц, хаам бина тIеман министралло.

XS
SM
MD
LG