ТIекхочийла долу линкаш

Шен дош эли Шотландино: ХIан-хIа


Британи --Референдумо Ингалсенехьа жамI гайтарна реза бу хIара шотландхой, Эдинбург, 19Гез2014

Британи --Референдумо Ингалсенехьа жамI гайтарна реза бу хIара шотландхой, Эдинбург, 19Гез2014

Ерриг Европа а, кхидолу цивилан дуьне а дара еарийдийнахь, пIераскана Ингалсерчу Шотландехь йоьду референдум тергоне эцна. Кхаа бIе шарахь Ингалсан дакъа хилла лаьтта иза къасталуш яра, шена цаязар оьшу я ца оьшу. Жоп хIинца хууш ду – Ингалсенах дIакъаста ца лиина дукхахболчу шотландхошна.

Шотландех лаьцна вайнехан хаарш башха дукха дац. Цигахь божарша цхьа тамашийна духарш - къорза беакIо могIанаш боьлху юбкеш - лелош хиларий, маларна уьш тIера хиларий, мелла а пис бу аьлла шайх цIе йоккхуш хиларий – гергарчу хьесапехь иштта ду и хаарш. Амма массо а аьлча санна нохчочунна хууш кхин ду – маршо езаш а, шайн маршонехь дукха къийсина а къам ду шотландхойн къам.

Цуьнан бахьана лара догIу Голливудехь яккхина йолу „Майра дог“ кинофилм, Гибсон Мэлюа вуно доккхачу похIмийца шотландхойн къоман турпалхочун Уоллес Уильяман васт а гойтуш. Маршоне сатийсар тIамарах доьллачу нохчийн къомалахь, къаьстина иза цу маршонехь къовса шен историн рогIерачу голатуохарехь гIаьттинчу муьрехь, 1990-чу шерашкахь, вуно сийдолуш яра и филм. Ткъа цуьнан финалан сцена, турпалхочуо „Гечде суна“ аларна метта „Маршо“ олуш йолу, хийла нохчочун дагах кхетта яра.

Таханлерачу Шотландехь, хIетахь, бIешерахь хьалха санна, Британин олалла къизаллашца а, харцонашца а, гIелонашца а доьзна данне а дацахь а, хIетте а и маршоне я, аьлча а, йозуш яцаре болу сатийсам а, цуьнга болу къийсам а байна бац. Кхечу тIегIанна тIехь а, кхечу некъашца а и къийсам дIахьош белахь а. 2I-чу бIешерахь кхиинчу пачхьалкхехь догIуш ма-хиллара, референдумехь кхаж тассарца дIахьош бара и къийсам. 4 миллион сов шотландхо вара еари дийнахь шайн пачхьалкхан кхоллам а, хиндерг а билгалдаккха арабевлла. Цхьа хаттар дара цара жоп дала дезаш дерг: „Йозуш йоцуш хила езий Шотланди?“ бохург.

ТIаьхьарчу кIиранашкахь юх-юха а дIабаьхьначу талламаша гойтура, цу хаттарна жоп муха хир ду бохучух шайхаллаш дар эрна дуйла. ХIунда аьлча, Шотландин йозуш яцарехь берш толахь я церан дуьхьалончаш толахь а, дукха кIезга башхаллийца баьккхина толам иза хир буйла гуш дара, мел дукха а масех проценто къастам а беш. Ткъа пIераскан дийнахь зорбане даьхначу референдуман жамIаша массо а цецваьккхира – Шотландин йозуш яцарехь берш, кхаж тассале моьттинчарел гIеххьачул кIезгох хиллера.

Эдинбургехь референдуман жамI даздеш бу бахархой

Эдинбургехь референдуман жамI даздеш бу бахархой

Йоллучу 32 кхаж тассаран каппашкахь харжамхоша дIаделла аьзнаш дагардаро гайтина, Британех дIакъаста луучеран терахь 44 процент сов бен ца хиллийла, ткъа цу пачхьалкха чохь сацалуурш 55 процентал сов буйла. И терахьаш официала дIакхайкхина ду, цу кепара Шотланди, мел кIезга а, тIедогIучу шерашкахь Британин олалла кIелахь юьссуш ю.

Шеко а йоцуш, боккха кхаъ а, доккхасадаккхар а хилла цунах Британин Iедалшна. Цу пачхьалкхан премьер-министро Кэмерон Дэвида Британера Iедал шен олаллин кIелахь дехачу къаьмнийн лаамашка ладугIуш хилрг хилар а, оьшуш болу хийцамаш дIабахьа кийча хилар билгалдаьккхира.

Референдуман жамIаша кхечу къаьмнашна, - шайн олаллехь долу халкъаш метрополехь сацон луучарна а, амма иштта цу метрополех дIакъаста сатуьйсучарна а, - дукхаъ дика масалаш гайтина аьлла хеташ ву карарчу хенахь Лондонехь волу нохчийн политолог Асхабов Хьамзат.

Асхабов Хьамзат: „Цуо гойтуш дерг- адамийн бакъонашца ларам хилар а, кегийчу къамьнийн бакъонаш ларйар а тIечIагIди тахана Британин Iедалша. Цецвоккхуш верг хIун ду хьуна аьлча, къаьстина Оьрсийчохь ваьхна волу стаг, оццул чIогIа и къийсам боьдуш болшехь, хIокхеран вовшашца сел оьзда чекхбовлар ду.

ДIакъаста гIерташ болчу нехан юхь ца яйъар а, царех ца кхардар а, я оьгIазлонца цаьрга дош ца алар а ду. Иштта чекхбевлла кхузаран Iедалера нах а, бахархой а. Гондахьарчу пачхьалкхашна а, нахана а масалаш эца дуккхаъ хIумнаш ду-кх цу тIехь. Шайн гIуллакх хьекхале дийца а дуьйцуш, цунах хинболу пайда а, зIе а дустаъ дустуш лелон хаар – иза онда хIума ду“.

Политологна хетарехь, цу хиламан коьртачех мехалалла – иза Британин Iедалша, шаьш ду референдуман жамIаш муха хир ду ца хууш мел саготта делахь а, хIетте иза магорца а, цуьнан чакхе тIеэца кийча хиларца а масала ду доллучу дуьненна, уггаре а хьалхох Оьрсийчоьнна, гойтуш, бIешерашкахь ша тIемашца шен оллалина бухадахкийна долу къаьмнаш дIакъаста гIоьртича, уьш юх-юха а тIемашца йийцарехь латтош йолчу.

Британи -- Референдуман жамIаш хазахетарца довзуьйту ингалсан газеташа

Британи -- Референдуман жамIаш хазахетарца довзуьйту ингалсан газеташа

​Шотландехь дIаяхьанчу референдуман ойла йича, шайн къоман къаьхьа кхоллам карлаболуш болу вайнах хилла ца Iара цу хиламан терго еш. Доллу а дуьне а дара еарий дийнахь кIирделла кхажтассарна жамIашка ладоьгIуш. ХIунда аьлча, еккъа цхьаьна Евробертана юккъехь а ю масех пачхьалкхе, шайн оллалера дIайовла хьаьгна регионаш а йолуш.

Масала, дукха хан-зама ю официала Испанина юккъе йогIуш йолу Каталони шен маршонехь къуьйсуш йолу. Италина долахь ларалуш йолу Къилба Тирол а ю Шотландех масала эца кийча, ткъа иштта Белгера Фландри а, Францера Корсика а. ХIинца цигарчу маршонехь къуьйсучийн кхин цкъа а ойла ян езар ю, шайн къийсаман мах а, мехалла а юхалуьстуш. Ткъа цигарчу Iедалша-м муххале а доккхасадаккхарца тIе ма эцний шотландхойн харжам.

Цу юкъана, ша куьйгалла деш болчу мохк ша Iедалехь волчу хенахь бекъа ца баларх гIадваханачу Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида пIераскан дийнахь дIахьедар дина, хьалхехьуо шен урхалло Шотландин а, Къилбаседа Ирландин а, Уэлсан а Iедалийн бакъонаш шорйийр ю аьлла делла хилла дош лардийр ду, аьлла.

XS
SM
MD
LG