ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь машар хила тарлуш ду


Украинерчу конфликтан хьокъехь Минскехь бечу бертан дика агIо гучуяьлла шоьтан дийнахь, хаам бо къамелан декъашхоша – Европан, Украинан, Оьрсийчоьнан, Донбассерчу оьрсех болчу сепаратистийн векалша.

Дийцаршкахь ду деза герзаш тIеман аренашкара дIадахар, тIеман кеманаш хьийзар совцор, лецна эскархой вовшашка дIасабалар, тIом юха а эккха тарлучу меттигашка Европан кхерамзаллехула йолчу организацин тергамхой хIиттор. Бертан дийцаршкахь Украинан агIоннна коьртехь волчу президент лаьттинчу Кучма Леонида хаийтира журналисташна, Украинера кхечу пачхьалкхашкара эскарш арадаха шайн барт хиллийла.

XS
SM
MD
LG