ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президенталла къийсар йистте кхочуш ду ОвхIанистанехь


ОвхIанистанан президентан харжамийн къовсаме девлла жамIаш, кхаьжнийн чот, евзаш хир ю кIирандийнахь, харц кхаьжнаш къастийна ма бевлла, хаамбина мехкан Йозуш Йоцчу Харжамийн комиссино. Пресс-секретара Нур Мухьаммад Нура дина и дIахьедар. Оцу юкъанна IамерканЦхьанатоьхначу Штаташа юкъарло а деш, доьлху шина кандидатна Iабдулла Iабдулланий, ГIани Ашрафний юкъара бертан дийцарш дирзина. И шиъ къасталуш вара, хьаьнгахь хир ду даржаш - президентан а, премьер-министран а. Массех бутт бу иза къаста ца дало. ХIинца юха а хаам бо, церан цхьабарт хилла бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG