ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанера хьал а, Абдулатиповна луург а


1, 5 шерачохь Дагестан Оьрсийчохь хьалхаяьлла экономика кхиорехь болар сихдарца, дIахьедира еарийдийнахь ша Москох еллачу пресс-конференцехь оцу мехкан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана. Амма оцу юккъехула хууш ду, чIагIдо журналисташа зорбанехь, Дагестанна тIехь 20 миллиард сом декхар дуйла.

Иштта ша мехкан куьйгалхочо а даре дира дуккха а кхачамбацарш шайн хилар. Леткъамаш бира цо, махкана пайда бохьуш хилла чIерийлецар доьхна хиларна а. Хьалха ток а йоккхуш, 41 процент са цунах хуьлура Дагестанна, ткъа хIинца 9 процент бен ца хуьлу. Ур-атталла кир я адамаш дIасалело кеманаш гIуьтту Хiинжа-ГIалара аэропорт а яц тойина.

XS
SM
MD
LG