ТIекхочийла долу линкаш

Кхеле делла мера йоIана йиттинчу дестен дов


Нохчийчохь гIарадаьлла хилла дестечо кхо шо долу мера йоI йиттина дарбанцIийне кхачорах долу дов теллина а даьлла, кхеле кхаьчна. Соьлж-ГIалара Байсултанова Марина бехкейо талламчаша оцу берал, Юсупова Мархел, кхо шо йоккха йолчу цуьнан йишина еттарна а. Кхел йолалуш ю масех кIира даьлча. ДарбанцIийнехь йолу Юсупова Марха кхетамчу а еъна, юха когбаккха Iемаш а ю, иза меттаялон дикка хан оьшу, боху лоьраша.

XS
SM
MD
LG