ТIекхочийла долу линкаш

Донбассера деза гарзаш арадохуш ю Украина


Украинин Малхбалера 30 километр зонера деза герзаш арадаха кечлуш ду Украинин эскарш. Украинин тIеман министраллан векло Лысенко Андрейс дийцарехь, цу тайпа сацам бина Киево Оьрсийчоьнан территори тIера а, сепаратисташ дIалаьцначу меттигашкара а герзаш деттар лахдалар бахьана долуш.

Кху беттан 19-чу дийнахь Украинин а, Оьрсийчоьнан а, сепаратистийн а векалша барт бира тIемаш бечу агIонашна юкъара меттиг шорйеш кхин 15 километр деза герзаш юхадаха.

Делахь а Украинин тIеман министраллан векалша дийцарехь сепаратисташа герзаш деттар кхоччуш сацийна дац. Оьрсийчоьнан Iедалша тIедуьтуш дац, шайн эскарш Украинехь ду бохург.

XS
SM
MD
LG