ТIекхочийла долу линкаш

Шемара курдаш уьдуш бу Туркойчу


Кху тIаьхьарчу шина дийнахь 100 эзар гергга Шемара курдаш Туркойчу бевдда аьлла, хаам бина Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин мухIажирашкахула йолчу урхалло. Цуьнан бахьана ду «Исламан пачхьалкх» тобанан эскархой тIелатар. "Исламан пачхьалкх" тобано дIалаьцна Туркойчоьнан дозанца йолчу Шеман Айн ал-Араб олучу гIалана гонахара иттаннаш ярташ.

Цхьаболчу хаамашца, тIемалоша лелош ду деза герзаш, шайна юкъахь танканаш а йолуш. Туркойчохь курдийн бакъонаш къуьйсуш йолчу Курдийн белхан парти тобано кхайкхам бина шайн агIончашка, "Исламан пачхьалкхана" дуьхьал латта Шема даха гулло аьлла. Туркойчоьнан леррина сервисаш новкъарло ян гIерташ ю курдийн тIемалошна Шема баха.

XS
SM
MD
LG